2022-чу шеран зазадокху-беттан 22-чу дийнахь "Крокус Сити Холл" концертан гIишло чохь йинчу терактана бехкебачеран дов хатта долийна кхелехь оршотан дийнахь Москвахь.
Оцу суьйранна "Пикникан" концерте веана 149 стаг велира, кеп-кепара чевнаш йира 609 стагана. Оьрсийчоьнан Талламан комитетето дIахьедина талламабар дирзина аьлла. Теракт кхочушйарна а, оцу нахана гIо дарна а бехкевеш ву 19 стаг. ШолгIа бехкаш дехкина теракт кхочушйина бохучу нахана Москвахь чохь Iен хIусамаш йаларна. Талламна хетарехь, "Исламан пачхьалкх" йу оцу зуламна тIехьа, амма хIинццалц схьа лехнарг "украинхойн лар" йара.
Талламчийн версица, теракт йинарг ву Таджикистанера схьаваьлла виъ стаг: Мирзоев Далерджон, Рачабализода Саидакрами, Фаридуни Шамсидин а, Файзов Мухаммадсобир а. Уьш лийцира тIелатар динчу цу дийннехь. Оцу сохьта Оьрсийчоьнан телеканалашкахула дIасадаржийра кхелан хIусам чохь даьхна суьрташ, гуш дара бехкебечарна тIехь ницкъбина хилар а. Цул тIаьхьа телеграмехь цхьа видео гучуйелира, цу тIехь шеконашца лецначех цхьаннан лерг а доккхий, иза цуьнга дIадоуьйту. Зорбане даьхнера кхечунна ток йоьттуьйтуш даьхна суьрташ а.
И виъ а, цу гӀуллакхехь кхин а бехкевеш волу 15 стаг а (Гадоев Шахромджон, Исмоилов Зубайдулло, Хамидов Хьусейн, Шарипзода Мухьаммад Зоир, Якубджони Давлатхон Юсупфзода, Лутфуллой Назримад, Курбонов Джумахон, Мешевра Хьусейн Умеджон а, Солиев Мустаким а, Ислом Исроил а, Диловар а, Ислом Аминчон а) бехке веш ву терроран акт йарна а, терроран гӀуллакхна гӀо дарна а, терроран жигаралла дӀайахьаран Ӏалашонца Ӏаморашкахула чекхбовларна а, кхин долу зуламаш дарна а.
"Теракт вовшахтоьхначунна шиннан а, терроран организацин веа декъашхочун а хьокъехь талламаш берзаза бу", - аьлла, дIахьедина Оьрсийчоьнан Талламан комитетан векало Петренко Светланас. Талламан комитето бинчу хаамца, уьш берриш а Юккъерчу Азера бу, ткъа и зулам кечдина, кхочушдина ду "Оьрсийчуьра политикан хьолана дестабилизаци йан Ӏалашонца Украинан таханлерчу куьйгаллин интересашкахь".
Цул совнах, Петренкос дийцарехь, цхьа могIа бехкебен нах "дагахь хиллера Дагестанера Каспийск гIалахь йолу самукъадаккхаран комплекс эккхийта а, амма и зулам йукъахдаккха ка йаьлла".
Официалан версица, терактана "кечамаш бан буьйлаьелла хиллера, и кхочушдан масех бутт бисинчу заманчохь". "Цу гIуллакха йукъахь хилла цхьаболу нах дозанал арахьа кечамаш а бина, баьхкинера Оьрсийчу. Цхьаберш Оьрсийчоьнан дозана тIехь хиллера, зулам дан гIирсаш а, герз а лоьхуш. Кхечу бехкебечара хаддаза хуьйцуш хилла герз, иза маьршачу Ӏалашонашца лелон кечдеш доцийла хуушшехь, террорхойн организацин декъашхошка дIаделлера цара", - аьлла Талламан комитетан векало.
Таджикистанан Ӏедалхойн версица, бехкебечех цхьаьннан ваша Мирзоев Далержон Шема тӀаме вахана хилла "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанхошца, цигахь кхелхина иза. Шамсидин Фаридуни, Таджикистанан Маршо Радион сервисо хаам барехь, 2020-чу шарахь набахтера аравелира, цхьаъ хьийзорна хан тоьхнера цунна. Цул совнаха, Свобода Радион оьрсийн сервисо а, "Система" талламан проекто а къастийра, Шамсидин Фаридунис социалан машанехь "ӀабдуллохӀ" (Ӏаьрбийн маттера гочдича – "Делан лай") цӀарца лелош аккаунт хилар. Иштта цуьнан телеграмехь а аккаунт а йара, тӀаьххьара иза цу чохь хилла 2024-чу шеран чиллан-беттан 18-чу дийнахь. Журналисташна гучудаьлла, цунна теракт йийриг 500 эзар сом лур ду аьлла "Iеламстеган гIоьнча" оцу мессенджерехула цуьнца зӀене ваьлла хилар.
Фаридунис социалан машанашкахь тайп-тайпанчу цIерашца лелош хилла агIонаш теллинчул тIаьхьа, журналисташа тергойира концертан зал чохь теракт йале хьалха цо лелийначун. Чиллан-беттан 18-чохь тIаьххьара лелийна Фаридунис телеграм, чиллан-беттан 23-чохь Истамбулера Фатихь маьждиг чохь а, оцу гIали чохь а даьхна суьрташ зорбане доху цо. Зазадокху-беттан 2-чохь (Reuters-н туркойн къайлахчу сервисашкара хьасташа дийцарехь) йа зазадокху-беттан 4-чохь (бехкевечо бахарехь) Фаридуни а, теракт йина хилла кхин цхьаъ а Истанбулера Оьрсийчоьнан шахьаре вогIу, зазадокху-беттан 22-чохь - "Крокус Сити Холлехь" теракт йо.
"Крокус Сити Холлехь" герзаш деттарна бехке вечу Файзов Мухьаммадсобиран гергарчаьрца къамел хилира Маршо Радион таджикхойн редакцин корреспондентан. Цара дийцинера, шайн кӀант "дин лелош стаг вацара", деша Китай ваха дагахь вара аьлла. Мухьаммадсобиран нанас дийцира, шен кӀант шайн доьзална ахчанца гӀо дан лууш вара, цундела Оьрсийчу балха ваханера иза аьлла. Ивановон кIоштахь парикмахер болх беш вара иза, шен дена ахча а дохьуьйтуш. Цуьнан гергарчара дийцарехь, Фаизов "ур-атталла олхазарна а вас йийр йолуш вацара", цундела уьш тешна бу, цунна тешнабехк бина аьлла. Талламчийн хьалхарчу хаттарна таджикийн маттахь хаттар делира Файзовс, ша меттавеанчул тIаьхьа: "Ас хӀун дина?" аьлла.
Талламо, зуламхой боцурш йукъаозийра царна гIо дина хилларш а цхьана. Царна йукъахь ву Исломов Диловар а, Аминчон а, ткъа иштта церан да Исроил а. Талламан комитетан куьйгалхочо Бастрыкин Александра, тӀелатар динчул тӀаьхьа сихонца дIахаийтира цунах лаьцна Путин Владимире, ИсломовгӀара коьрта бехке лоручу веанна машен а, чохь Iен петар а йелла хиллера аьлла. Вежарий ИсломовгӀар шаьш тIебаьхкинера полице, теракт хилале масех де хьалха шаьш йоьхкина хилла шайн машен цу видео тӀехь гича. Ша лоцучу муьрехь Исломов Аминчона, суьдхочо хьуо стенна бехкево хаьий хьуна аьлла, хаттича, жоп деллера, ша бехке вац аьлла.
Оцу гIуллакхана йукъахь ву кхин а цхьаъ – кхача кечбеш хилла Касимов Алишер. Фаридуни Шамсидига петар йеллера цо. Кхелехь Касимовс мохь туьйхира: "ДIахаийла шуна, тхо бехке дац" аьлла.
Крокусна тӀелатар даран гӀуллакхехь хӀинцале а таIзар дина цхьаъ а ву - Ашуров Салохьиддин. Тверь гIалин вахархо ву иза, вежарий ИсломовгӀар шен хӀусамехь фикцин кепехь дӀайазбинера цо. Ашуров бехке хилар тӀечӀагӀдира, амма хан бехке озон хан тIехйаларна, таӀзарх мукъаваьккхира иза.
Политико Гудков Геннадийс тидам тIебохуьйту, "Крокус Сити Холлехь" йинчу терактаца дуккха а бIостане хIуманаш хиларна.
Со аьттехьа а ца теша, оцу кепара лелаш йу бохучу ДаIишах
"Вайна хууш ду, оцу гӀуллакхехь дерриг а тоьшаллаш тIехь гӀело йеш, йиттина, тӀеӀаткъам беш даьхна хилар. Ша и теракт а, ма-дарра аьлча, чӀогӀа шеконе йу. Со аьттехьа а ца теша цу кепара болх беш йолчу "Исламан пачхьалкхах". Цара интернетехь цхьацца ларамаза нах лоьцу мехах, и нах, реза хуьлу кепекех и гIуллакх тIелаца. Уьш хIайтаьлла кхийсархой хуьлу, корматалла йолу киллерш а хуьлу. ТӀаккха оцу говзанчаша цхьа ледара гӀалаташ доху, цхьана декъазчу машенахь цхьацца бахьанашца Украинин агӀор дӀа а лелхаш. 700 чакхарма дIабахначул а тIаьхьа лоьцу уьш.
Оцу гIуллакхехь дуккха а бIостаналлаш йу. Оцу гIишло чохь цIейалар, цӀе йаларна дуьхьал хилла кхерамзаллин система галйалар, болх беш ца хилла камераш. Деттачу герзийн терахьах лаьцна хеттарш кхоллало - уьш дукха ду цхьана а автомато лан йиш йоцуш. Сил чIогIа йохъйелла тоьпан биргIа хилча, автомат кхин дIа ца йолу. Ткъа биргIа шолгӀачу ботт йолийча йохйала йолало. Иза дика хаьа Калашниковн автомат лелийначунна. Иза башха дика йац, иза йорах йу. Цундела оцу гӀуллакхехь цхьана ца догIурш дуккха а ду.
Цаьрца цхьаьна базарахь кхачанан срсаташ эцнарг а – бехкево
Со аьттехьа а ца теша цу талламех, шеко йу сан, лерринчу сервисаша а, цIе йойу системаш а, видекамераш а йохийна хила тарлун къайлаха сервисаша а и теракт йеш гIо дина хир ду аьлла. Цу дерригенна а тӀехьа лаьтташ Оьрсийчоьнан къайлаха сервисаш йу аьлла хета суна. Цхьана кепара йукъараллина кхерам таса лууш хилла хир бу уьш, амма дерриг а кхечу кепара нисделла. Со ца теша, интернетехула балха эцначу таджикийн тобано и болх бина аьлча. Ткъа 27 стаг лаьцна хилар, вайна хууш ма дуй, муха лецна а. Цара уьш машенахь дӀасалелийна, оцу метте кхачийна, тIаккха уьш церан накъостий хилла боху. Ханна чохь Iен цара петар йелла – цундела уьш а цхьаьна организацин декъашхой бу. Цуьнца цхьана базарахь кхачанан сурсаташ эцна цара, уьш а бехке бу. Суна хетарехь, цара герз тоха хууш берш хилла вовшахтоьхна. Уьш бехкехиларан барамах теша хала ду. Суна хетарехь, и кхел - бакъболу таллам ца бан лелош хIума ду. ХӀунда аьлча, цигахь мел волчунна йиттина, дӀаса а лестош, цхьаннан лергаш дӀадаьхна, нахана инзаре гӀело йеш, ткъа хьайна тIехь Iазап хьегча, ахь хIуъа а хьайна тIелоцур ма ду", - бохура Гудков Геннадийс.
"Крокус-Сити Холехь" теракт йинчул тӀаьхьа мигрантофобин тулгӀе гIаьттира Оьрсийчохь. Мигранташна дуьхьал цхьа могӀа низамаш тӀеэцнера, царах цхьаммо мигрантийн берашна Оьрсийчуьрчу школашкахь деша доьхкуш ду, нагахь санна уьш оьрсийн меттан тестах чекх ца довлахь. Бакъонашларъярхочо Йоров Каримджона дийцарехь, дуккха а Таджикистанан бахархой хӀинца Оьрсийчуьра дӀауьдуш бу, хIунда аьлча, цигахь ваха а, болх бан а кхераме ду:
Со оцу нахехьа гIо дохуш вац, уьш бехке бу йа бац ца хаьа суна, амма Ӏазап латтор дихкина ду лартIахь йолчу пачхьалкхашкахь
"ЛартIахь йолчу демократин пачхьалкхашкахь хIара саннарг цкъа а хир дацара- терактана бехкебечу нахера дараш дайтина тIехь къизалла а лелийна, иза а лачкъош дац. Оцу адамна тIехь Iазап а хьегна, цуьнга бехк тIелацийтина белахь, иза тидаме эца дезаш дац, амма Оьрсийчохь низамаш болх беш дац. Со оцу нахехьа гIо дохуш вац, уьш бехке бу йа бац, ца хаьа суна, амма Ӏазап латтор дихкина ду лартIахь йолчу пачхьалкхашкахь.
Ткъа церан накъостий бара аьлла, дIа а йазбина, кхел йеш болу нах – церан меттахь хьеннан а хила йиш йара. Цара бехке бо базарахь йолчу кафе чохь террорхой бу бохучу нахаца цхьаьна хӀума йууш хилла нах а. ХӀаъ, вовшашка салам-маршалла деллера цара, иштта ламаст ду оха лелош. Цаьрга петарш йелла нах а бу бехкебеш. Царна машен йоьхкинарг а бехке веш ву цара. Муьлхачу лартIахь волчу стага шен машен йухкур йара и тайпа теракт йан?
Нах баларна жоьпалле хIунда ца озийна "Крокус Сити Холлан" долахо Агаларов? НеIарш къевлина хилла, вентиляцин система а болх беш ца хилла, хадархой хIиттийна а ца хилла. Маьрша, паргIат зама йолчу хенахь а концерташкахь герзаца полисхой ма хIиттабора. Уьш хIунда ца хилла? Уллорчу полицин декъера ницкъахой хIунда ца баьхкинера? Цигахь уллохь жимо полисхойн дакъа ма ду, суна хаьа, со цигахь масийтаза хилла. Бехкебечу нахах цара пайдаэцча санна хета суна.
Мигрантофобех дерг аьлча, Оьрсийчохь иза даима а хилла йу, амма и теракт хиллачул тӀаьхьа иза хаъал кхин тIе а чIагIйелла. Дукха бу хӀинца кхин некъаш лаха хьийзаш берш. Европехь дукха а мигранташ бу, нах Америке гIерта, кхерам лаьтташехь. Къилбаседа Корей чӀогӀа йуьхьарйерзийна меттиг хилла дӀахӀоьттина, дуккха а нах бу Казахстанехь болх беш. Цигахь хӀинцале а ву миллион сов къинхьегаман мигрант. Оьрсийчохь мигранташца болу хьежамаш гуттар а вон хилла бу, "Крокус" ца хиллехь, кхин хӀума дагадеъна хир дара Ӏедалшна", - тешна ву бакъонашларъярхо Йоров Каримджон.
Текстан оригинал кхузахь йу.