ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дахарна тIера йасакх эцар. Социалан проектийн бюджеташ тIамана хьежош йу


Коллаж: Путин а, тIаме вахийта Iехор а
Коллаж: Путин а, тIаме вахийта Iехор а

Оьрсийчоьнан эскархошна луш долу ахчанаш схьаоьцу къечу регионашна хьал тодан хьажийначу ахчанаш тIера, йаздо оьрсийн Свобода Радион редакцино. Дуьненаюкъарчу кхерамзаллин талламийн немцойн институтан экономисто, Ӏилманан белхахочо Клюге Яниса гучудаьккхина ма-хиллара, тӀаьхьарчу кӀиранашкахь цхьаццайолчу Оьрсийчоьнан регионийн бюджеташкара тӀеман харжамех лаьцна хаамаш къайлабаха буьйлабелла официалан артиклашкара.

Оцу йукъанна, масала, керла ассигнованийн пункт гучуйелира "Регионийн бюджетан декхарш дӀадаха хьажийначу ахчанах пайда а оьцуш, лерринчу тӀеман операцица доьзна гӀуллакхаш" цӀе йолуш, йаздо Insider зорбанан гӀирсо.

ТӀамехь дакъалаца контракт а йеш, бахархой эскаре бохуьйтуш гӀо дарна ахчанаш далар къобалдина Рязанан кӀоштан Ӏедалша аьлла, къастийра 7x7 зорбанан гӀирсо. Меттигера вахархочунна вербовка йарна цара луш ду 57,5 эзар сом, кхечу регионера вахархочунна – 344,8 эзар сом, ткъа кхечу пачхьалкхера вахархочунна – 80,5 эзар сом.

ХӀинцале а тӀаме кхаьчначаьрца цкъацкъа кхин сценари нисло: "ахча охьадилла йа шайна хьалхара вала гIо" олий. Дахначу кӀиранах Дагестанерчу кӀентан кхолламах лаьцна гӀараделира. Ӏаьнан садоIийла йолчу заманчохь 11-чу классера дешархо Муртазалиев СаьIид Москва вахана хиллера. Цуьнан гергарчара дийцарехь, цигахь лаьцна иза, бехкевира зулам дарна. Гергарчара чӀагӀдо, и жима стаг реза хилла Ӏазап латтош тӀаме ваха бохуш. Цига кхаьчча, штурме ца вахийта, шена кхаьчна ахча эпсаршка дӀаделла цо, цул тӀаьхьа тӀепаза вайна. Гергарчара чIагIдо, тIехь ницкъ а бина, тIаме ваха декхаре вина иза. Ша тIеман кIуркIамана йукъа ца вохуьйтург, эпсаршна ахча делла а хиллера цо, цул тIаьхьа доьза вайна иза.

Камчаткехь регионан губернатора Солодов Владимира хьийхира, Седканка йуьртана "ТӀеман сийлаллин юрт" цӀе тиллар. "Оцу жимчу эвлара 39 стаг хьалагӀаьттира Даймохк ларбан", - йаздинера Солодовс телеграмехь. Юьртана сийлахь цӀе тилларх хаттар луьстур долуш ду кӀоштан низамашдаккхаран гуламан рогӀерчу кхеташонехь.

ТӀом кхин дӀа а дӀабахьа дагахь ву Путин Владимир. Хетарехь, цуьнан шеко йац хIинца Трамп Доналдан администрацин а. Американ Ӏедалхоша къайлаха дийцарш дӀадаьхьира Оьрсийчоьнан лакхарчу даржхошца товбеца-бутт чекхболуш Украинаца тӀом сацоран хьокъехь, амма цхьа а кхиамаш ца гира цу тIехь, дийцира Американ пачхьалкхан секретаро Рубио Маркоса Fox News радион эфирехь.

Социалан проектийн чоьтах тӀамна оьшучу ресурсех а, эскарехь нислучу коррупцин схемех а лаьцна къамел дийр дира "Идите лесом" фондан пресс-секретарца Чувиляев Иванца а, политикца Пивоваров Андрейца а.

Кху деношкахь хаамийн гӀирсаша дийцира 18 шо долчу Дагестанерчу дешархочун Муртазалиев СаьӀидах лаьцна истори, цуьнан доьзало Iаламат чIогIа сагатдо цунна. Кху шеран дечкен-баттахь Москва садаӀа ваханера иза. Цигахь иза а, цуьнан накъостий а лецнера полисхоша. Шаьш чу вуллур ву бохуш, кхерамаша туьйсуш, тӀеман министраллица контракт йайтира СаьIиде. Цуьнан нанас дийцарехь, кӀантана ницкъбина – шийла хи тIедуьттуш, бета тIе противогаз а йоьллина, йиттина. Цул тӀаьхьа СаӀид тӀаме хьажийра, цигахь буьйранчаша цхьана болчу накъаосташкара ахчанаш лехьадайтира цуьнга, шаьш тIом бан йукха ца туьйсург. Цо дийцинера нене, шена кхерамаш тийсина, вуьйр ву бохуш. ТӀаьххьара цуьнан нанас шен кӀантаца телефонехула къамел дина зазадокху-баттахь.

"Идите лесом" боламан пресс-секретаро Чувиляев Ивана боху, ахчанаш дахар, кхерамаш тийсар Оьрсийчоьнан эскарехь даим а хуьлуш дерг, марзделларг ду:

Ахчанаш дахарх, дIалецначу дозанаш тIехь йаьржинчу коррупцих дуьйцура тхоьга

- Оха тидам бо, и практика хӀора баттаца тIетаьIIина даьржина догIуш хиларан. Тхан белхан йуьххьехь тхуна ца хезнера цунах лаьцна. Ас эр дара, ас болх бечу хьалхарчу шарахь, 2022-чу а, 2023-чу а шерашкахь, цунах лаьцна хӀумма а хезаш дацара. Амма цул тIаьхьа, 2024-чу шарера схьа дуьйна, дуккха а дийца долийра тхоьга ахчанаш дахарх, дIалецначу дозанаш тIехь йаьржинчу коррупцих а. И тайпа дийцарш де дийне алсамдуьйлу. Цу тIе цхьана хIуманах хьожа йогIуш бац эскархой. Цигахь ду и цхьана ханна луш долу ахча, иза цхьа маьӀне аргумент йу нахана контракташна куьйгаш йаздан. Церан кара и ахчанаш кхаьчначул тIаьхьа маса цаьргара схьадоху уьш а. «Командирашна-дайшна гIо дечу фонде» луш ду олий, бахьана а хьовзош. Ма-дарра къола дар ма хуьлу цунах. Нах тIеман декъе богӀу, шайн тӀоьрмигаш охьадохку цара, тӀаккха и тӀоьрмигаш тIепаза дов. Ткъа царна чохь хилла массо хIума а къайлайоккху.

Чувиляев Иван
Чувиляев Иван

"Дедовщина" боху хIума армера дIадаьлла дац, ницкъбар – цунах тасайелла механизм йу, цу тIехь лаьташ йу йоллу арми а. Арми – къевлина структура йу, ткъа тIом беш йолу арми – иза тIех къевлина структура йу. Оккупаци йинчу дозана тIехь йолчу арми йукъа пурба доцуш моза а кхачалур бац, и таIзар деш йолу структура йу. Оцу армехь хIуъа а леладахь а, цхьанна а цигахь билггал хуьлуш долчух цкъа а хуур дац. Цхьаммо эскарехь кхаьънаш эцарх а, ахчанаш дахарх а лаьцна дийцар – иза системин эшам бу. Къаьстина мехала хӀума билгалдаккха лаьа суна: адамийн дахарш кӀелхьардахарх лаьцна дуьйцучу хенахь, эскарехь кхаьънаш дахар жигара хуьлу. Къаьркъа меллачу цхьана стага цхьанна бетах хIума тьхна бохург дац хIара, буллинг лелош хилар а дац йа, карахь герз а долуш, ондда гIело латтор ду. Кхузахь дуьйцург адамийн синош ду, и синош кхерамехь хилар а. ХӀунда аьлча, и кхаьънаш луш ду, стаг тIамтIе йуха ца верзийта а, иштта, оцу стагана лоьрийн гӀо-накъосталла хилийтархьама а. Уггаре а аттачу хӀуманашна - ротацина кхаьънаш а, лоьрийн гӀо кхачо стеган бакъо олучу хӀуманна а. Иза Путинан Ӏедалан зулам ду. ХIара "дедовщина" йац, хIара доза доцуш Iазап латтор ду. Цунах олу Путинан рожан зулам.

Эскаре кхайкхина кегийнах,2024 шо
Эскаре кхайкхина кегийнах,2024 шо
"Дядя Боряс" тIеман комендатуре тIекхойкху стаг, тIаккха контракт йойтий, "шайна хьалхара вала" дIахьажаво

Кхин цхьа хIума а билгалдаккха луур дара суна. ТIамтIехь а, дIалецначу дозанаш тIехь а коррупци кхиъна йогIуш йу. Амма аьтто бац могIарерчу стеган контрактана куьг ца йаздеш, йа мобилизацех кIелхьара вала. Туьйранаш ду хIорш. Иза иштта дац, хила йиш а йац, хӀунда аьлча, оцу муьрехь и хӀума шех дозуш долу адамаш жоьпаллехь ду шайн погонашца а, шайн дахаршца а эскар дуза. Нагахь санна цара кхаьънаш а оьцуш, цхьана кепара и нах тIаме ца бахийтахь, и царна кхин дIоггара пайден хир дац. И стаг Iеха а вина, цунна тешнабехк а бина, эскарна йукъа озор гIолехьа ду. Тхо, бакъдерг аьлча, хӀинцале а жимма хIоьттина ду "дадин доттагӀчо, цуьнца классехь доьшуш хиллачо, ненаца доьшуш хиллачу военкоматера дядя Боряс гӀо дийр ду хьуна эскарехь гӀуллакх ца дан а, контрактна куьйгаш ца йаздайта а" бохуш, дуьйцучу къамелех. И дийцарш даима а бохург санна цхьана кепара доьрзу - "Дядя Боряс" и стаг тӀеман комендатуре кхойкху, контракт йаздан дӀало, цул тIаьхьа "шайна хьалхара тIаме" хьийсабо. Пачхьалкхо дIакхоллар ву хьо, ахь хӀуъа дича а, хьо мухха кIелхьаравала гIертахь а. Ткъа дийна висархьама инзаре дукха къахьега а, къийсам латто а беза ахь, - тешна ву "Идите лесом" боламан пресс-секретара Чувеляев Ивана.

Экономисто Клюге Яниса билгалдоккху, цхьайолчу регионийн бюджеташкара тIамана хьежочу аханех болу хаамаш дIабохуш бу. Масала, Томскан кIоштан бюджетехь марсхьокху-бутт йуккъе баьлча "лерринчу тӀеман операцехь дакъалоцучу бахархошна ахчанаш даларна" йеш йолу харжаш лахйинера 1,1 миллиардера 300 миллионе кхаччалц. Цуьнца цхьаьна цигахь гучуйелира керла харжамийн артикл, "Регионан бюджетан декхарш дӀадахарца арадаьхначу ахчанан чоьтах леррина тӀеман операци йарца доьзна гӀуллакхаш..." аьлла. Хетарехь, и доьзначух тера ду регионийн декхарш дIадайарца йолчу программица. Церан бакъо йу, шайн декхаран кхаа декъах ши дакъа гергга дӀадаккха, нагахь санна цара мукъадаьккхинчу ахчанах "дикачу" Ӏалашонашна пайда эцахь – хӀусамаш йарна а, йукъараллин транспортна а, инфраструктурина а, меттигерчу экономикана гӀо дарна а.

ТӀеман заманара экономиках а, социалан ахчанах а, керла эскархой йукъаийзорна социалан декхарш дӀадаха бакъо йеллачу регионийн перспективех а лаьцна дуьйцу политико Пивоваров Андрейс:

Уггар а ца товш дерг хIун ду аьлча, ахча хIуъа дарх а алсамдолуш цахилар

- Къен, ахча доцу, дотацин регионаш ма йу уьш. Кхузахь кхин цхьана хӀуманах кхетар мехала ду – хьалха цхьана губернаторан кхиаме хиларан а, регион нийса хиларан а критерий йара «Цхьааллин Оьрсийчоьнан» а, Путинан а рейтинг. Ткъа хӀинца цу тӀе вуно мехала фактор тӀетоьхна – тӀаме хьажийначу нехан терахь. Шуна дагадогӀуш делахь, дуьххьара тӀом болабелча, Нохчийчу а, Москва а дуккха а адамаш даьхкира, хӀунда аьлча, цигахь контрактна ахча алсам луш дара. Федералан центр кхеташ йара, регионашкара нах, дӀоггара цӀерпоштаца Москва а бахана, цигахь дӀайазбелла хир буйла, Собянинан пособи схьаэца. Иза цхьана кепара балансехь хилийта, цара, схьагарехь, бакъо йелира меттигера пайдана, меттигера финансашна имитаци йан. Ма-дарра аьлча ишта нисло-кх - цара федералан программашкара ахчанаш схьа а оьцуш, и декхарш меттахӀиттор дуй. Уггаре а товш доцург ду, эххар а кхин ахча ца хилар. Уггар а ца товш дерг хIун ду аьлча, ахча хIуъа дарх а алсамдолуш цахилар.

Пивоваров Андрей
Пивоваров Андрей
Иза Оьрсийчоьнан къечу регионийн хуьлуш йолу проблема йу, шатайпа "къоьллин йасакх" йу

Дукха хан йоццуш хаамийн гӀирсаша дийцира "ТӀеман доьналла гойтуш йолу йурт" аьлла, цӀе йеллачу Камчаткерчу Седанка йуьртан истори. ТӀом балале баня а, йовхо а, сиха интернет а йацара цигахь, амма тоькаца а, иштта дӀа кхин а дуккха а проблемаш йара. Оцу йуьртара ах сов божарий Украинаца болийначу тӀаме бахара. Иза Оьрсийчоьнан къечу регионийн хуьлуш йолу проблема йу, шатайпа "къоьллин йасакх" йу. Уьш могуш-маьрша йухабоьрзур бу аьлла, дегайовхо кIезиг йу. ЦӀа оьхучу нахах дуккха а заьӀапхой хир бу, цхьаберш, ОвхӀанистанера а, Нохчийчуьра а санна, психологин чевнаш а йолуш цӀабоьрзур бу. Цундела Седанка йуьртан кхане йуьйцучу хенахь Путина и эвла хиндолчух хадайо. Ахча хилахь а, тамаш бу-кх некъаш а, банеш а, интернет а, телехьожийла а цигахь хир йелахь. Москвара статистика схьаэцча – цхьана процентал сов дац цигара тIаме бахначу божарийн терахь. Амма кху йуьртара дукхахберш бахара. Ткъа суна хетарехь, тӀом чекхбаьлча и йурт дIайовр йу. Со тешна ву, нахана и дика хууш хиларх. Масала, со набахтехь волуш, аса хаза къамедаш дора цигарчу белхахошца. Ахь цаьрца тӀамах лаьцна къамел дича, кхеташ ма-хиллара, массара а гӀортор йора, хӀунда аьлча, партин политикана гӀортор йар церан цхьаъ бен боцу некъ бу. Амма хьо цаьрца бизнесах лаьцна, социалан гӀуллакхех лаьцна, белхан меттигех лаьцна, мехех лаьцна къамел дан волавелча, наха шайн бала охьабалхабора. Адамаш Ӏовдал ма дац. ДIо йистошкахь беха, дешна боцу нах а цхьана дика кхета, могушалла ларйан а, некъаш тодан а хьовсон тарлун ахчанаш тIеман хьашташна дойуш дуй. Ткъа Оьрсийчохь тӀамана йен харжаш хьалха хир йу муьлххачу дешаран а, медицинан а программел а. И тӀамехула чекхбевлла нах цӀа а бирзина, хуьлуш дерг царна дIагича, церан йукъаралле а, Iедале а болу лехамаш лакхара хир бу, - аьлла хета политикна Пивоваров Андрейна.

  • Кадыров Ахьамадан цӀарахчу йукъараллин фондо Украинана дуьхьал бечу тӀамна дайина 40,5 миллиард, тӀаьххьарчу эха шарахь 4,5 миллиард, боху Нохчийчоьнан Ӏедалша. Фондан рапорташ тӀехь билгалдаьккхина дац и ахча, ткъа и стенгара схьадаьлла а, хууш дац.



Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG